Loading...

Валид ДАГАЕВ - Батто сагатдо

17,066 views

Loading...

Loading...

Rating is available when the video has been rented.
This feature is not available right now. Please try again later.
Published on Jan 13, 2012

БАТТО САГАТДО

Орцан дукъах дато маIаш
Туьйсуш, батто сагатдо...
ЦIестан кIудал нохчийн йоIа
Шовдана кIел сецайо.

Хета, баттах схьаIийдалуш,
КIудал юзу шовдано.
Нур-зIаьнаршца безам муьйлу,
ЙоIах хьерчаш, цу батто.

КIудал юьзна... Iанаоьху
БIаьрхих тера дато хиш.
Ткъа, йоI яйча, дог а лехий,
Нохчийн кIанта лоькху йиш:

- ЙоI, хин чами кховдабехьа,
Чохь беттан нур даржадай!
Ткъа беттан нур ца лахь айхьа,
БIаьргийн нур ло суна хьайн!

Маржа! ХIинца доцу кема
Ткъесах гIатта космосе!..
Маршал хоттуш, даржо тIемаш,
Хьол генарчу седане!

Лоцур дар-кха стелахаьштиг
Стиглахь кхарсто сийна цIе.
Стиглан дари цIарца дагош,
Хьан цIе язъян цунна тIе!

ЙоI, хин чами кховдабехьа,
Чохь беттан нур даржадай!
Ткъа беттан нур ца лахь айхьа,
БIаьргийн нур ло суна хьайн!

Ахьмад СУЛЕЙМАНОВ

Loading...


to add this to Watch Later

Add to

Loading playlists...