Поэзия: А. Бисултанов новый стих «Са»
Апти Бисултанов, один из самых известных в мире чеченских лириков и бывший министр по социальным вопросам, экспериментирует как с традиционными чеченскими литературными жанрами, так и со стихами в свободной форме. Пережив все ужасы войны, он считает, что искусство неотделимо от религии.
Allah DAL si doila x1a
borz1973 4 weeks ago
Krasavchik!!Udachi tebe,Apti!
ZeelimKhan 3 months ago
1..
са(дагардар)
биъ са болчу х1окху ц1ийнан
иссолг1а цхьа са бу тийна
оцу сонехь 1аш ду са(н)
са ца карош дисна са
Bitashka 8 months ago
2..
хьаладолий кораш толлу
авлияийн ойлайо
охьадуссий ц1енкъа толлу
презеденташ багарбо
Bitashka 8 months ago
3..
олхазарийн кийрахь синош
тийначу шен вежаршна
доьлху иза ша шен къинош
карладохуш эзаршлахь
Bitashka 8 months ago
4..
духар дац и хьулдеш цхьа а
марчо дайна диснадерг
марзо яц и лардеш цхьа а
дег1 а дайна диснадерг
Bitashka 8 months ago
5..
готта хилла къора хилла
харц дуьненан х1ара б1ов
меттиг йоцуш бакъдерг дилла
лехарх карор боцуш тхов
Bitashka 8 months ago
6..
хаьа цунна цхьа са дуйла
уггаре а эсалчех
и ша санна цхьалха дуйла
х1окху ц1ийнан есаллехь
Bitashka 8 months ago
7..
ла илах1а иллаллах1у
олий хьаладолу и
ла илах1а иллаллах1у
олий охьадуссу и
Bitashka 8 months ago
8..
ла илах1а иллаллах1у
Ахь кхоьллина долчу син
ла илах1а иллаллах1у
Дела вац Хъо воцург кхин
Bitashka 8 months ago